Кацаев Саид-Хасан Абзуевич : другие произведения.

Динан философи

Самиздат: [Регистрация] [Найти] [Рейтинги] [Обсуждения] [Новинки] [Обзоры] [Помощь|Техвопросы]
Ссылки:
Школа кожевенного мастерства: сумки, ремни своими руками
 Ваша оценка:

  ДИНАН ФИЛОСОФИ
  
  АлллахIал сов шайна гIоьнчий лаьцнарш,
  шена цIено диначу гезгах тера бу.
  Уггар эгIазниг гезган цIа ма ду, царна хаахьара!
   Къуръан (29, 40).
  
  Мы блаженства желали б вкусить в небесах,
  Но с миром расстаться нам жаль.
   М. Лермонтов.
  
  1
  
  Лаьттахь, стиглахь а ялсамане еза вайна. Бахьанаш лело ца лаьа. Ахь хIуъа дича а, ша доьгIнарг бен хир дац, бохучу ойланца. Делан йоза ду лелаш...
  ЮкъараIойлехь иштта къийсадаларш хуьлура тхан:
  - Дала яздина дацахь, корехула чуиккхича а лийр вац-кха со, вуй? Муьлхха бохам хилча а, баккхий наха дIадерзадо-кх: "Делан йоза ца лелча ца долу. Делан кхел ю", - олий. ТIаккха-м зуламхочунна а билла бехк ма бац вайн. Цо мел доьхнарг дича а дIадерзийта деза-кх, Дала яздина хилла аьлла. ТаIзар хIунда до вай цунна? Бакъо юй вайн ткъа, Дала йиначу кхелан реза ца хила? - боху цхьамма.
  Кхечо боху:
  - Хьо оьккхур ма вац корехула чу, Дала и яздина дацахь.
  - Къаьркъа мелла стаг корехула чуиккхича, масала, Делан хIун бехк бу?
  - Делан бехк бац. Шен бехк бу. Дала ма ца боху вайга къаьркъа мала.
  - ТIаккха цхьадерг адамо ша яздойтуш дац?
  Философин и дакъа оха университетехь Iамош а дацара. (ХIун философи хир яра учебникашна тIехь Iамош ерг а?) Оха къуьйсурш тхайна хетарш, тхайн хьежамаш а бара.
  Дуьненчу кхоллале дуьйна Дала хIора стеган кхоллам язбина белахь а, цуьнца цхьаьна нийсоне, бакъоне, цIаналле кхийдар, лехар а деллий-те Дала адамна, бохург дара дуьйцург.
  
  2
  
  Жима волуш тхайн юккъера Ахматханов ГIайрабиг волчу вахара со, Iаьрбийн мотт Iамабахьара, аьлла. Цо со, дукха жима ву аьлла, дIа ца ийцира. ХIетахь соьл кхо шо воккха волу сан ваша Сайд-Хьусайн, кхин а бераш дара цунна тIе лелаш. Уьш Iамориг цIерачара, сагIийна, шекар, котам, нIаьна а, цхьацца хIума а йохьуьйтура цунна.
  Бакъдерг аьлча, шен керта лелаш бераш гайта, ша Iаьрбийн мотт Iамош хилар хаийта а Iедалх кхоьрура иза. Цу хенахь чIогIа луьра дара бусалба динца дерг.
  Цул тIаьхьа оьрсийн дешар хьалхаделира сан дахарехь. Жима волуш башха валаран ойла а ма ца йо. Амма со Iаьрбийн мотт хууш хуьлуьйтур вара ас.
  Керста Iилма дерриг а довза йиш ю оьрсийн маттехула. Ткъа бусалба Iилма довза, Iаьрбийн мотт хаа беза. Нохчийн эвлаяаша, шайхаша, устазаша а дитина жайнеш делахь, уьш довзар а пайденна дара. Бусалба динан хьехамаш хилла ца Iаш, нохчийн историн, философин а белхаш, исбаьхьаллин литературан говзарш а караяре сатуьйсура ас. Тегеранехь, Багдадехь, Тифлисехь, Ереванехь, Махачкалахь, Ростовхь а архивашкахь болх беш цхьа а вац вайн. Тахана а, "элира", "бахара" доцург, нохчашна хууш хIума дац. Я эвлаяэх, я церан кхолламах, я церан жайнех а.
  Вуьшта, стага вониг дича стеган бехк бу я бац? Дала дерриг а хьалххе яздина ду я дац? - бохучун хьокъехь...
  Стагана Дала синкхетам белла, диканиг, вониг а къасто, мегаш дерг, доцург а довзийтина.
  Дала ца боху, хьайна товш дерг де, ша бехказа вуьтур ву хьо, наха хIуъа бахахь а.
  Дала боху: ахь дика дахь, дика а карор ду хьуна, вуо дахь, вуо а карор ду хьуна.
  Дерриг а Ша хууш ву, гуш ву. Цхьа а мискъал зарратал долу хIума бекхам боцуш а дуьтур дац.
  Iеламнаха тезеташкахь, мовладашкахь а дуьйцучун иштта хьесап до ас.
  Бакъду, Iожаллах кIелхьара ваьлла цхьа а вац. Пайхамарш а белла. И Дала шен карахь дитина. Цундела олу хир ду вайнаха стаг велча, Делан йоза ду. Амма диснарг дерриг а, суна схьахетарехь, Дала адамашна харжа таро йитина.
  Лаьттахь, стиглахь а ялсамане еза нохчашна. Бахьанаш лело ца лаьа. Ахь хIуъа дича а, ша хила доьгIнарг бен хир дац, бохучу ойланца. "Делан йоза ду лелаш..."
  
  3
  
  ХIора а бакъволчу поэто дуьнен чу шен дин кхуллу моттар гIалат ду. Дин - Дала шен пайхамаршкахула доссош ду. Хууш ма-хиллара, я Муса пайхамар, я Iийса пайхамар а (Дела реза хийла царна) поэташ ца хилла.
  Вайна "поэт" боху дош даздан лаахь, бакъдолчуьнга сатийсарца, бакъдолчунна тIекхийдарца поэт, яздархо а пайхамарна герга ву, ала йиш ю вай.
  Мохьаммад пайхамар-м (Делан салам-маршалла хийла цунна) йоза-дешар хууш а ца хилла. Дауд пайхамаран, Суьлийма пайхамаран, кхечеран а (Дела реза хийла царна) Библи юкъа дахана жайнеш, цара яздина а доцуш, Дала, Мохьаммад пайхамаран санна (Делан салам-маршалла хийла цунна) церан кийра доссийна хета суна. Шена хастам муха бан беза гойтуш. Нахе тIаьхьара алийта а. Жинаш, адамаш а кхоьллина Ша, Шена хастам байта, ца боху Дала?
  Л. Толстой хьахийча, иза керла дин кхолла гIоьртина моттар а нийса дац. Цо динарг, килсо бIешерашкахь тIедиттинчу хIумнех, керста дин цIанда гIортар ду. Оцу шен лехамашкахь, Толстой бусалба динна гергакхаьчна, аьлла а хета суна. Жимчохь Кавказе кхачар бахьанехь, бусалба нохчашца гергало тасаделлачу Толстойс, ша валлалц ойла йина нохчийн къоман, бусалба динан а. Цунна тоьшалла: повесть "Хьаьжа-Мурд", ша валале иза Кавказе схьагIортар а. Хьанна хаа, эххар а, Далла тIебоьду некъ а карийна, иза Нохчийчу бусалба дин тIеэца вогIуш хиллий а? Горькийн дагалецамаш тIехь а ду, даима Делан ойла еш ву Толстой, аьлла. Цуьнан тIаьххьарчу произведенеша а гойту и. Толстойн шен доьзалца, килсаца а юкъаметтигаш йохар а изза ду. Толстойна гинарг гина, цо йина ойланаш йина а боцчарна, цуьнан хьекъале кхочуш хьекъал а доцчарна хала ду цунах кхета. Цундела олуш хиллий-те Софья Андреевнас: "Цхьанне а ца вевза Лёва, суна санна. Иза цомгаш ма ву".
  Массо а къоман гIалат ду: шайн гIалаташ шайца доькъуш воцу шайн къомах волу стаг я цомгаша, Iовдала я телхина ларар. Нах цунна тIаьхьа ца хIиттийта, наьIалт кхайкхадо цара, и Делах ваьлла ву, олу. Уггар хьалха, Муса пайхамаре доьссинчу итт весетах, хьалхара шиъ ду керстанаша талхош: "Со - АллахI ву, хьан Дела. Кхин делий ма лоцийла ахь, Сан юьхь лар ца еш".
  Хьайна кумир а ма кхолла, цхьана а тайпана суьрташ а ма дахка. Царна Iамалш ма е. Цаьрга деха а ма деха.
  Iийса пайхамарх, цуьнан нана Маремах, пайхамаран шийтта асхьабах, тIаьхьа баьхначу тайп-тайпана къаьмнийн эвлаяэх а кумираш ма бина килсо. Церан массеран а суьрташ ду килсан массо а пенахь, тхевнаш тIехь а. Царна хьалха ламаз до цара, цаьрга къинхетам бар, орца а доьху. ЖаIарх-м керста динан билгало йина.
  ЖаIар - римахойн таIзаран гIирс бу. Цуьнгахь хIун безам хир бу Делах тешачу нехан? Керста дин дуьненчухула даржийначу Римо, Дала хьарам йина хьакха (Библи, "Левит", 11 корта) хьанал яр санна хIума ду, жаIар язъяр а.
  Дукхаха болчу нохчашна а, туьйра санна бен, ца девза дин. ХIунда аьлча, дукха хьолахь, Къуръан, гатана юкъа а хьарчийна, шифоньер тIехь дIа а диллина лаьтташ ду, хIора дийнахь доьшучу меттана. ТIаккха доьзалехь стаг велча схьаоьцу и. Веллачу стагана Ясин доьшу. Иштта кешнашкахь а.
  Къуръана тIехь Дала аьлла: "Къуръан деша, Къуръан ца доьшу хIусамаш кешнех тера ю".
  ХIунда ца доккху молланаша Къуръан нохчийн матте?
  - Вай хьекъал тIаьхьа кхуьур дац цунна, - олу.
  Вай хьекъал муха ца кхуьу цунна тIаьхьа? Дала, беллачу нахана деша, аьлла, доссийна-х даций и? Иза, Делах тешачарна, закон ду, низам, вахаран инструкци, бусалбанийн конституци. ТIаккха а, ХХ-чу бIешеран чаккхенехь дехачу вайн хьекъал тIаьхьа хIунда ца кхуьу цунна, ХIV бIе шо хьалха баьхна болу акха Iаьрбий а кхетта хилча? Я адамийн хьекъал тIаьхьа ма кхуьийла кхунна, аьлла, доссийна ду Дала Къуръан?
  Нахана иштта моттийтар леррина беш болх бу.
  Нохчашна бусалба дин дика довзахьара, вирдашка, тобанашка а декъалур дацара адам. Дуьненан барамехь аьлча, массо а бусалба къам цхьа барт болуш, цхьатерра дин лелош, шайга-шайгара хIумнаш ца лелош бехар бара. ХIокху я оцу вирдехь (хIокху я оцу къомах, пачхьалкхехь) берш галбевлла, вай лелош дерг цIена дин ду, бохуш хьоьху массара а. Вовшашка уьйр, марзо кхуллучу меттана, хьагI, гамо кхуллу. "Шу чIогIа тасалолаш Делан динах, декъалучарах а ма хилалаш", - боху Дала.
  Ткъа вайна шайн-шайн устаз веза хета. И нах-м Далла дукха безна эвлаяаш а хир ма бацара, цхьамма ша вукхул веза ву бохуш хилча. Далла куралла йийриг ца веза.
  Шайн маттахь Къуръан доссийна, Макка, Медина, ХьаьжцIа а долчу махкара схьабевллачу Iаьрбашца а бусалба динан бакъонаш къовса кийча бу вайн молланаш. Цкъа а наха лоцуш я марха а ца лоцу, я даста а ца досту.Эзар шо хьалха санна бутт ларбе аьлла ма дац тахана. Календарь ю, телефон ю, телевидени ю...
  Мичахь дика девзар ду бусалба дин?
  ХIокху тIаьххьарчу дейтта бIешарахь бусалба болуш, дагахь Къуръан а хууш болчу Iаьрбашна? Я тIера Iедало боххучу агIор маьIна хьийзочу вайн молланашна?
  Луларчу ДегIастанахь а (Дербент) Пайхамаран заманахь тIеэцна дин. Нохчийчохь и шуьйра даржале итт-цхьайтта бIешо даьлла. Цо дикка беркате орам тоссучу хенахь, тIебеанчу тIамо, паччахьан заманахь дуьйна, бусалба дин шайна дуьхьал, шайгахьа а мел онда герз ду хууш, цIена молланаш хIаллакбина, бусалба дин хьоьхуш болу эвлаяаш, устазаш, шайхаш а махках баьхна. Биснарш кхерийна я эцна. Вай ца дезачарна пайденна ду, вай декъа мел дели а, вайна юкъахь барт мел ца хили а.
  Тамашийна амал ю нохчийн. Къуръано бохург а тIе ца лаца кийча ду вай, вайна хетачунна тIера ца довла.
  - Вайн вархIе дайша лелийнарг лелийчхьана ца довлу вай? - олу.
  Нохчашна бусалба дин шатайпа, нохчийн агIор го. Стаг вадош, зуда лачкъош, шайн кадаьлларг, пайденна дуй, къайлагIур дуй а хиъчахьана, хIуъа а деш. ТIаккха, яьллачу санах, сагIа а доккхуш. Ламаз дича я кхоъ-ялх-исс марха кхаьбча, къинойх цIанло а моьттуш.
  Мохьаммад пайхамаре а (Делан салам маршалла хийла цунна) ма баьхна наха: "ХIай, Мохьаммад, IадъIехьа. Тхайн вархIе а дайша лелийнарг лело дитахьа тхо".
  Цул хьалха баьхкинчу пайхамаршка а баьхна изза: "Ма дийцахь тхуна и туьйранаш!"
  Дала кхоьллинчу стагана (пайхамар хуьлийла иза, эвлаяъ, устаз я асхьаб) хастамбар, цуьнга орца дехар а - Далла духахьара гIуллакх ду.
  Дала Къуръан тIехь боху: "Джинаш, адамаш а Шена хастам байта кхоьллина Ша".
  Дала лардойла вай тиларчу дахарх.
  Дуьненан юкъара гIалат ду пайхамарша кхайкхийна дин тайпа-тайпана ду моттар. Жимма а уьш Iамо гIоьртинчунна го: хIора пайхамаро историн тайп-тайпанчу муьрехь шен къомана деана дин цхьаъ ду, цхьана Делера а ду.
  Дешначу нахана и ца хаьийла дац. Царна юкъара башхалла, наха шайгара юкъадаьхна, тIедиттина а хIумнаш ду. Деган кIоргенехь шаьш цунах кхетахь а, шайн-шайн къоме и дIаала ца хIуьтту уьш. Вовшашка боцчу безамна, шайн-шайн къоман юкъахь хьалхе езарна а. Цхьаберш ца баьхьаш а Iа.
  Дин тахана дуьненан политикан декъехь, идеологехь а йоккха меттиг дIалоцуш ду. Адамаш декъарехь, царах вовшийн мостагIий тарбарехь, цаьрга вовшашца тIемаш байтарехь а.
  Динан дайша шайн къаьмнашка нийса дIакховдош доцчу, динан Iалашо цIена ю: адамаш цхьана Адамах, Хьавах а схьабевлла вежарий, йижарий а хилар дIахаийтар, царна вовшийн цIий хьарам дар, сий мел доцург, оьзда мел доцург а дехкар, вовшашца уьш мерза Iайтар а.
  Нийса некъ муьлхург бу?
  Дела цхьаъ бен цахилар къобал дар. Цунна бен гIуллакх ца дар а.
  Вайна Библи, Къуръан, жайнеш а дика довзахьара, вай уьш лардахьара а, цхьана а кепара гIайгIа, кхерам а бацара Адаман берашна, я Делехьара, я вовшашкара а.
  
  4
  
  ДагадогIу, тхо школехь долчу хенахь, гIалара талламан институтера Iилманчаш бахкар. ХIора класс чу а боьлхуш, дешархошка анкеташ язйойтуш бара уьш. Цу анкети тIехь: "Делах теший хьо?" - боху хаттар а дара.
  Хьехархочо, уьш чубахкале, тхо кечдеш дуьйцура:
  - Ца теша, алий язде. Шун галдала хIума а дац, шайн дагахь бусалба хилчахьана. Иласхан-Юьртарчу Хьаьжас аьлла: "Шайга килсе гIо бахахь, килсе гIо, и цIено бен дац, шайга жаIар лелае бахахь, лелае, и эчиг бен дац, шун шайн дагахь бусалба хилчахьана".
  Цу хьокъехь Къуръан тIехь Дала боху: "Нагахь санна цхьамма дин дIатеттинехь, цуьнан гIуллакх эрна ду, иза тIаьххьарчу дахарехь а зие хиллачийн могIарехь ву".
  Суна цу хенахь ца хаара Къуръан тIера и могIанаш, хIетте а сан кхетамо, даго а тIе ца дуьтура хьехархочо бохург. "Вуьйр ву цара, Делах теша аьлча? Вуьйш хилча а ала ца деза-кх харц дерг".
  Дуккха а тIаьхьа кхийтира со, доккхачу декъана, Кунта Хьаьжин хьехамаш Iийса пайхамаран жайни тIера бу: "Вочунна ницкъаца дуьхьало ма е" и. дI. кх. а.
  Хууш ма-хиллара, Iийса пайхамар Дала дийна а волуш стигал хьалаваьккхина ву. Ткъа жуьгташа рималошка иза вейтина хиларх лаьцна, Дала боху, Ша царна тардалийтина и. Дала Ша ваийтина цхьа а пайхамар тесна витина вац. ЦIаро ца вагийна, лоьмаша а ца виъна, хин чIеро а зие ца дина, эскаре лаца а ца велла, Иблисо а ца Iехийна...
  Иштта Хизирн, Илясан, Iийсан а пайхамарийн кхолламаш буьйцуш хезначу вайнаха, Кунта-Хьаьжа, кхиболу а нохчийн эвлаяаш а дIатуху царах. "Велла вац, къайлаваьлла ву". Цаьрга орца а доьху...
  Паччахьан эскаршца иттаннаш шерашкахь беш болчу тIемашкахь, нохчийн халкъ хIаллакьхуьлуш а гуш хилла Хьаьжина. Кегий нах дуьненчу а бевлла, зуда ялаяле, зударий жоьра буьсуш хилла, тIамо къонахий дIа а хьой. Цигара схьа ду и, къоман хIу лардар дуьхьа. "Вочунна ницкъаца дуьхьало ма е" бохучу хьадисан чаккхе а ю: "...амма шайн зударшна тIекхийда буьйлалой, тIаккха, дерриш а цхьаъ санна, латий лие".
  Бакъду, цу тIе кхаьчча тIаьхьа-м ду и.
  
  5
  
  ХIора къоман, цивилизацин я хIора динехь тайп-тайпана делий цахилар, Дела цхьаъ хилар, цуьнан къастам а дика белла Плутарха (46-127 шш. гергга): "Не существует разных богов у народов северных и южных, не существует богов варваров и богов греков. Но как солнце, луна, небо, земля и море, они едины для всех людей. Несмотря на множество разнообразных имен, которыми их называют, также есть только единый Логос, который царствует над всем миром. Повсюду действуют одни и те же силы, а изменяются лишь их имена и обряды культов, и те символы, которые возносят душу к божеству, бывают иногда ясны, иногда темны".
  Стаг бусалба, керста, пхуддийн я кхечу динехь хилар, наггахь бен, оцу стагах, цуьнан хьекъалх, лаамах а доьзна дац. Дукха хьолахь, стаг дуьненчу ваьллачу махках, пачхьалкхах, халкъах, а доьзна ду. Делан цIе, дин а дуьххьара берана хьоьхург да, нана а ду. КхидIа болу берриг а кхетам, цигара схьа бу. Стеган дахар доца хиларна, жимчохь (воккха хилча-м муххале а), гIуллакхаш, декхарш а дукха хиларна, дахар чолхе хиларна а, дуьненан хIуманашна ведда лелаш, стаг цу дерригенан а ойла ян, хьесап дан а ца кхуьу.
  Ткъа хенан йохалла, нийса некъ хьоьхуш верг тIеIоттавелча, цуьнан даго схьа ца лоцу иза. "Суна хьехнарг, сан дас, нанас лелийнарг а и ма дацара. Шун шайн Дела ву, тхан тхайн Дела ву. Сайн вархIе дас лелийнарг лелор ду ас", - шен ойланехь чIагIло иза.
  Амма цо ойла ца йо, шена дас-нанас шайна хуург бен хьехна цахилар, цара хьехнарг (Бисмилла, Этхьаг я Отче наш) бен, шена кхин хIумма а хууш цахилар а.
  Жимчохь дас-нанас хьехнарг воккха хилча кIаргдан деза, я иштта дуй-те и, аьлла, духе кхиа хьажа веза стаг: "Сан дагахь цхьа Дела ву. Кхечун дагахь - кхин. Цо цхьана кепара ламаз до, ас кхечу кепара. Муьлхург ву тхойшиннах нийса? ХIунда кхоьллина со дуьненчу? Дала адамна тIедехкина декхарш муьлхурш ду? Ас кхочуш деш дуй уьш? Делахь, нийса дой?"
  И хаттарш ца до шега адамо. Цуьнан дин бIаьрзе ду, вархIе дегара охьа, Пифагоран таблица санна, тешамца тIеэцна. Бусалба доьзалехь винехь - бусалба ву иза, керста доьзалехь - керста, жуьгтийн доьзалехь - иудийн динехь, китайцийн я индусийн доьзалехь винехь - пхуддийн динехь. Коьртачу оцу динел сов, кхин дуккха а вирдаш, декъадаларш, вовшийн резабацарш а ду.
  Шаьш шайн дагахь бусалба хилчахьана, мархийн бутт я цу юкъара дийнош кхаьбчахьана, юкъа-кара ламаз деш-ца деш, коьртаниг - шаьш-шайн бусалба лаьрчахьана, шаьш бусалба ду моьтту цхьаболчарна. Кхечарна - кочахь жаIар хилчахьана, дуьненчу даьлла бер килсе дигчахьана, Дела хьахийча, шайна тIехь аьтто куьйга жаIаран хьесапехь ламаздар сурт хIоттийчахьана, шаьш керста ду моьтту...
  Халкъашна, цивилизацешна а моьтту, хIоранне а шайн-шайн Дела ву, я шаьш лело дин (я динан кеп) массерачул а нийса ду, кхидолу къаьмнаш тиларчу дахана, харц новкъахь ду. Иштта хIоранна а. Юкъа питана тесча, атта цIе а лета царна юкъахь, тIемаш а бо цара, Делан дуьхьа бохуш, Дела мила ву, Цо хIун боху а ца хууш. Iилма Iамочу меттана, цуьнан орамаш толлучу меттана хIаллакдан гIерта.
  Тахана а ду дуьнен тIехь харц керстаналла (язычество).
  И ца хьехийча а, дуьненан кхаа дин юкъахь (бакъ-керстаналла, ислам, пхуддизм), иштта жуьгтийн къоман динна иудаизмана а, юкъахь барт бац.
  Церан Iеламнаха, шайна хуъушехь, ца олу халкъашка: "Делан цхьаъ ву шуна. ИбрахIим пайхамар, Муса пайхамар, Iийса пайхамар, Мохьаммад пайхамар а (Дела реза хийла царна), цхьана Дала ваийтина ву шуна. Вайл хьалхарчара талхийна, декъна дин цхьаъ ду шуна".
  Къуръан тIехь Дала юха-юха олу жуьгташка, керстанашка а: "ХIай Йозанан нах! ХIара пайхамар шел хьалха бахкийтинчара деанарг дохьуш, шун Iеламнаха галдаьккхинарг нисдан ваийтина ву шуна".
  Амма жуьгташа шайниг бен къобал ца до.
  Керстанаша жуьгтийн дин бакъдо, бусалба дин харц лору. Амма Ширачу тептар тIехь долчунна тIера а дIабевлла уьш, цхьа Дела кхоъ (я кхаа куьцехь) хилар чIагIдеш.
  Бусалбанаша (Къуръан тIехь и а дуьйцу юха-юха): иудийн, керстанийн а некъ нийса, цхьана Делера а лору, цара нийса лелийчахьана. Нах дешна ца хиларо талхадо гIуллакх. Бог бохург ша ду, АллахI бохург ша ду, моьтту нахана. Ишттачаьрца къамел дан хала хуьлу...
  
  6
  
  Яхьъян Инджил иштта долало: "Цкъа хьалха Дош хилла, и дош Делехь хилла, и Дош Дела бохург а хилла".
  "Logos" ширачу грекийн маттахь "дош" хилла ца Iаш, кхин цхьа маьIна а ду - кхетам, хьекъал. Иштта нийса хир дарий те и: "Цкъа хьалха Хьекъал хилла"?
  Цунна тоьшалла санна ду ширачу грекийн философан Эпихарман (550-440 в. з. хь.) дешнаш: "Дела мила ву? Дела - кхетам бу".
  Аристотель (384-322 в. з. хь.): "Дела - хьикмат ду".
  Дела мила ву? Муха ву иза? Хьанах тера ву иза?
  Оцу тайпа хаттарш кхоллало дуккха а нехан.
  Адамаша Далла биначу къастамех, уггар а суна нийса хетачех бу, ширачу Грецин философан Антисфенан къастам: "Иза суьрташ тIехь вовза а, бIаьргашца ган а йиш яц. Иза цхьаннех а тера вац. Цундела суьрта тIехь цхьанне а иза вовза йиш яц".
  И къаьсттина мехала ду, керстаналла (язычество) маIадоьллачу ширачу Грецехь аьлла хиларна.
  Iаьрбийн суфийн, нохчийн эвлаяийн а дахаран маьIна, Антисфенан кхолламехь, хьехамашкахь а карадо. Шен бахам сагIийна дIасабеккъа цо, шена чоа, юргIа, гоь, Iуьргаш девлла тиша плащ, Iаса, бепиг, хи а чудилла тIоьрмиг бен, кхин хIума а ца юьтуш.
  Оцу маьIнехь аьлча, хьалхара философш (тахана вай кхеточу маьIнехь доцуш) Дела лоьхурш, Бакъдолчунна тIекхийдарш, Делах, эхартах а лаьцна ойланаш йийриш, кхечу кепара аьлча, эвлаяаш, ханифаш хилла.
  Фалес: "Дела массо а хIуманал шира (воккха) ву, хIунда аьлча иза кхоьллина вац. Дела - юьхьиг, чаккхе а йоцуш ву. Дела - космосан хьекъал ду".
  Пифагор: "Бог един, и он не находится, как некоторые полагают, вне миропорядка, но он всецело пребывает во всем небесном круге, обозревая все порождения, будучи смешением всех веков и творцом своих собственных сил и деяний. Бог - начало всего, он светоч неба и отец вселенной, ум и одушевление всех вещей, движение всех круговращений".
  Оцу къастамашкахь а го, цхьана хенахь массо а къам цхьана Далла корта тухуш хилла хилар.
  ХIора къомана шайн пайхамар ваийтина Дала.
  Адамаша, хIора чкъуро, шайга-шайгара хIумнаш тIе а детташ, галдоккху дин.
  "Божество" бохург, цхьана хенахь, Дала кхоьллина "са", "малик" (Божье творение) бохучу маьIнехь хилла. Хенан йохалла маликаш Делан дарже хьаладаьхна, Делан накъостий дина дIахIиттийна.
  Цуьнан къегина масал Гомеран поэмашкахь го вайна. Схьагарехь, ширачу грекийн мифологехь коьрта дела лоруш волу Зевс а вайн АллахI ву ("Зевс-громовержец").
  "Матери мичара яьлла, аьлла вайга хаьттича, вай жоп лур ду, и гуттар а хилла", - чIагIдо материалисташа.
  Амма и жоп дац, жоп цахилар ду.
  Материалисташа, мел хьекъал долуш уьш хиларх, кIеззиг хIума деана философи юкъа. Динан дай бекъабалар, бохкабалар бахьанехь, килсо Делан цIарца нахана деш долу зенаш, зуламаш гуш, и лан ца луш, цаьрга бен доцуш хьежа ца баларна а ду цара дин дIататтар. Уьш гуманисташ хилла. Муьлхха а материалистан яздаршкахь, "Iалам" бохучу дешан метта "Дела" дилчахьана, дерриг а дIанисло шайн-шайн метта. Церан белхаш бешча, уьш идеалистийн книгаш тIера схьаэцна хилар го, "Дела" долчохь "Iалам" яздеш.
  
  7
  
  Керста нехан дахаре хьаьжча нийса карадо Вольтеран дешнаш: "...у вас тут бесчисленное множество таких вещей, о которых ничего не сказано в вашей книге, и не выполняется ровно ничего из того, что там написано" ("Простодушный").
  Цул сов, Советан Iедалан 70 шарахь, атеисташа биначу балхо хууш хилларш а дицдина нахана.
  Шайн ма хуьллу и цIаналла ларъян гIерташ схьайогIу шайна юкъара кIеззиг тобанаш (старовераш, баптисташ) ца беза керстанашна. Цара дуьйцург, лелориг а шайгара кхоьллина моьтту царна. "Мичара ваьлла и Иегова? Саваоф мила ву? Дела - Христос ву-кх", - олу цара.
  Дуьненчу бевлчахьана шайн чохь, логехь а жаIарш, иконаш лелош, килсехь дечкех, тIулгех йиначу жаIарх дIатоьхна Iийса пайхамаран васт ган, цунна ламазаш дан а марзбелла, Дела бохург цуьнан цIарца дузу керстанаша.
  М. Горькийс "Исповедь" повестехь яздо Делах лаьцна:
  "- Что обрадовался, али копейку нашел?
  Знал я, почему он так спросил, - часто я деньги на полу находил, - но теперь неприятны показались мне слова его, как бы ущипнул меня за сердце.
  - Богу я помолился, - говорю.
  - Которому? - спрашивает. - Их тут у нас больше ста, богов-то! А вот где - живой? Где - который настоящий, а не из дерева, да! Поищи-ка его!"
  Цунна жоп Дала Ша ло.
  Муса пайхамаре Египте гIой, жуьгтий арабаха ваийтина ала хьо Дала. Балехь бохкучу церан доIанаш схьакхаьчна Шега, олу Дала.
  - Ас со Дала ваийтина аьлча, цара хоттур ду: "ХIун ю цуьнан цIе?" ХIун ала ас цаьрга? - хотту Муса пайхамара.
  Бог сказал Моисею: Я есмь Сущий (Иегова). И сказал: Так скажи сынам Израилевым: Сущий послал меня к вам.
  И сказал еще Бог Моисею: так скажи сынам Израилевым: Господь, Бог отцов ваших, Бог Авраама, Бог Исаака и Бог Иакова, послал меня к вам. Вот имя мое на веки, и памятование о Мне из рода в род. ("Исход", гл. 3, ст. I4-I5.)
  А Господь есть Бог Саваоф; Сущий (Иегова) имя Его. ("Осия",12,5.)
  Хьалха заманахь дуьйна тайпанаш, халкъаш а тIулгех, дечкех а йиначу тентакашна ламазаш деш болу дела, боху Дала Ша Дийнаверг ву.
  Библи гочъечу хенахь оьрсийн матте Бог, Господь аьлла дерзийна и. Нохчийн маттахь Дела олу. Iаьрбийн маттахь - АллахI. Иштта хIора къомо а йоккхуш шен-шен маттахь цIе ю Делан. И кхеташ а ду. Дала Ша вохуьйтучу пайхамаре оцу къоман маттахь йоккхур ма ю Шен цIе. Цул сов, Делан ницкъан дуккха билгалонаш, титулаш ю: Сийлахьниг, Хьекъалдерг, Къинхетамениг, Бекхамбийриг, Хастам берг, Iалам кхоьллинарг, Дола дийриг, Хууш верг, Гуш верг, Дуьненан Эла... Ягар йина вер вац. Иегова (Яхве, Иелохим, Аллилуйя), АллахI а цхьана Делан цIе ю. АллахI оьрсийн маттахь Бог ву. Ингалс маттахь кхин ю цуьнан цIе, индейцийн маттахь кхин ю. Амма Дела цхьаъ ву. Иегова, Саваоф ширачу жуьгтийн маттахь ду. Библи тIехь ю и цIераш. Амма жимчохь дуьйна, Дела бохучун маьIна Иисус Христос бохучу дашца доьзна ду церан кхетамехь, и Дала ваийтина пайхамар воллушехь. Пхуддизман динехь болчара шайна ваийтина пайхамаран Шакья Мунин цIарца юзу Делан цIе (Пхудда).
  Тамашийна хIума делахь а, факт ю, дукхаха болчу оьрсашна пайхамарийн истореш туьйранаш хета. Церан кхетамо и бакъ хилар тIе ца дуьту. Къаьсттина Муса пайхамаран "Товрат". Жуьгтий Египте бахар, дебар, царах лайш бар, Дала уьш кIелхьара бахар, фараонан эскарш хIаллакдар и. дI. кх. а. Керста, Делах шатайпа тешарца бац, дуьненчу бовларца бу. ЦIена керста атта тIеверзало бусалба динна, зуда хийла иза я борша стаг.
  Далла дуьхьал хIоттале хица дегIа цIано яр бусалба динехь, пхуддизмехь а ду (Ганг чохь лийчар).
  Iийса пайхамаран заманахь а изза маьIна хилла цуьнан. Масала, Иоана а (Яхьъя пайхамар) Иордан чохь еш хилла цIано. Цундела "крещение" бохург "омовение" бохучу маьIнехь кхето деза. Дуьненчу даьлла бер лийчадар, дегIан цIано яр а.
  Хица къинойх цIанвалар, тахана крещенин (жаIаран) гIиллакхе дерзийна керстанаша. Дала тIедожийна долу борша стаг хадаваран Iадат а, керстанийн эвлаяаша дIадаьккхина. Уьш, и санна долу кхидерш а ду Вольтера шен повестехь беламе дохурш.
  Бусалбанаша, берахьлерниг ца хьехийча а, и цIано, Далла хьалха хIоттале, дийнахь пхоьазза йо.
  Тайпа-тайпана къаьмнаша бес-бесара лелочу динан орамашкахь цхьа Iадаташ, цхьа гIиллакхаш хиларо а гойту, Дала массарна а цхьа дин доссийна, хьехна а хилар. БIешерашкахь адамаша галдаьккхина и.
  Къуръанан коьрта Iалашо - дуьне кхоьлчахьана, Дала Ша доссийначунна жамI дар, наха галдаьккхинарг нисдар а ю. Цундела дерриг а цуьнца дуста деза.
  Керстаналлан хуттургаш:
  - суьрташ дахкар;
  - Iийса пайхамар Делан дарже ваккхар;
  - Iийса пайхамаран нана, Марьям, Делан нана ю алар; цунна, цуьнан кIантана а ламазаш дар, цаьрга орца дехар;
  - дикачу нахе, эвлаяашка орца дехар;
  - эвлаяийн даьIахкаш, барзакъан кийсигаш а килсаш чохь ларъяр;
  - жаIар динан билгалоне яккхар;
  - маж яшар;
  - хьакха яар;
  - зударий духарца дастам бовлар;
  - нахаца лелар;
  - къаьркъа, чагIар малар;
  - кIентий хада ца бар;
  - уггар а коьртаниг: Делан кхоалла.
  И билгалонаш, Къуръанца, Библица а йогIуш яц.
  
  8
  
  Гурахь шелъяла йолало. Буц, зезагаш, дитташна тIера гIаш а кIез-кIезиг дакъалуш, мажло, дашо бос оьцу. Iаьмнаш, хиш гIорадо. Цкъа хьалха жим-жимма буса ша беш, дийнахь малх хьаьжча басталуш, Iа дулу. Дерриг а Iалам гIорадой, ло кIел доьду. Ле. Кхо-биъ бутт баьлча юха а бIаьсте йолу. ДогIанаш догIу. Лаьттах хьала гIоьрта сеналла, дитташа заза доккху, патарш еллало, генаш тIе гIа долу. Гурахь хиллачул а хазлой, цIинлой дIахIутту Iалам.
  Кхин хIун тоьшалла оьшу Дела хиларан, Цуьнан ницкъ боккха хиларан а, деллачул тIаьхьа вай юха кхуллур хиларан а?
  БIаьстенан юьххьехь лаьттах дIадуьй кIа, тайп-тайпана хIу, картол. Коша диллина адаман дилха санна, цкъа хьалха яхкало картол, кхиерг а, нIаьнаша, зинтигаша а юуш. Амма догIа деъча, я хи тоьхча, зудчун кийрара бер санна, цу чура арайолу жима хутал. Юха йоккха хуьлу иза, малхе хьалакхевда.
  Цуьнан кхиарехь, тIе стом я хасстом латабарехь, Дала гойту вайна, Къемата дийнахь адам муха дендийр ду.
  Кхин хIун тоьшалла оьшу вайна?
  - Мохьаммад, вай дала а делла, дахкаделлачул тIаьхьа, юха дендина дуьненчу кхолла ницкъ буй-те Делан? - хоьтту пайхамаре шекболчара.
  Цаьрга дIаала боху Дала:
  - Уьш денбина ца Iаш, церан пIелгаш а ма-хиллара, юха кхолла ницкъ бу АллахIан.
  ХIун бахьана ду пIелгаш хьахадар?
  ХIХ-чу бIешарахь французийн криминалисташна Кетлена, Альфонс Бертильонна а гучудаьлла, кху дуьнен тIехь массо а адаман пIелгийн мухIар тайп-тайпана хилар.
  Къуръан дейтта баьIа шо хьалха доссийна. Дела воцчунна, кхин хьанна хуур дара, и цу хенахь?
  Цу тайпа къайленаш, тоьшаллаш гобаьккхина ду вайна.
  "Видя каждый день, как солнце обходит небесный свод, а ночью - стройное движение других светил, нельзя не счесть, что существует некий Бог, виновник этого движения и стройности". (Аристотель.)
  Дуьненчу даьлла бер - кхиина даьлла адам ду. Ткъе итт шарахь гергга, меллаша кхуьу цуьнан хIора клетка. Кхин а ткъе итт-шовзткъа шарахь, меллаша ле. Ерриг а дуьненчохь йоккху хан 100 шо лерича а, ненан кийрахь тIадамах 9 баттахь адам хиларца дуьстича, миллион терахь а кIеззиг ду.
  Кхин хIун тоьшалла оьшу Дела хиларан? Цуьнан ницкъ боккха хиларан а!
  Библица, Къуръанца а нийса догIуш, дуьне ялх дийнахь кхоьллина Дала. Къуръано боху, Делан цхьа де, адамашна гергахь 50 000 шо ду. Вайн маьлхан системин календарца аьлча, 300 000 шарахь кхоьллина дуй те хIара дуьне? Ерриг а химически реакцеш и. дI. кх. а. Муьлха ялх де ду дуьйцург: Делан я лаьттан (адамийн) хенан барамехь?
  Амма Дала "Хила!" аьлчахьана хуьлуш ду хIума: "Он - тот, кто сотворил небеса и землю в истине; в тот день как Он скажет: "Будь!" - и оно бывает". (Къуръан, 6, 72.)
  Цунна дуьне кхолла шераш ца оьшу. Ас бохург, Цуьнан де вайна гергахь мел хан ю-те, бохург ду.
  Оццу хьесапца: Iийса пайхамар дуьненчу ваьлла, Дала иза стигал хьалаваьккхина а 2000 шо даьлла лаьтта тIехь. Делан Iаршехь цхьа сахьт бен хан яц и.
  Къемата де маца хир ду, Дала йовзийтина билгалонаш бен, цхьанне а хууш дац, Ша Дела воцчунна.
  Дуьне дохале, тIаьххьара заманахь, Iийса пайхамар вуссур ву аьлла ду. Цу хенале кхин а 50 000 шо даьлча а, цуьнан сина цхьа де бен санна хетар дац и. Селхана Дала стигал хьала а ваьккхина, тахана охьавоссийча санна.
  Йохийначу цхьана шахьарна тIехволуш хиллачу стагах лаьцна дийцар ду Къуръан тIехь. И доьхна сурт гича, дагчохь шеко кхоллаелла цуьнан: "ХIоккхул хIаллакьхилла хIара юрт, муха денйийр ю Дала?"
  Дала баьIа шарна Iожалла йина цунна. Цул тIаьхьа, денвина, хаьттина:
  - Мел наб йира ахь?
  - Цхьа де, я цул кIеззиг, - аьлла цу стага.
  - ХIахIа, баьIа шарахь Iийна хьо. Хьажал хьайн юучуьнга, молучуьнга а. Уьш талха а ца телхина. Хьайн вирах йисинчу даьIахкашка а хьажал. Адамашна хьоьх билгало ярхьама, хьажал Ас, тIе дилха а дуьллуш, даьIахкаш муха гIиттайо...
  ХIара дуьне, Iалам а кхоьллина волчу Делан ницкъ бу, веллачу стеган сина гергахь и хан яцъян, наб кхетта йоккхуш йолчу хенал а башха ях ца ян а.
  1898 шарахь дIавижинчу Качалкина 22 шарахь наб йина. 1920 шарахь, буса кхоъ даьлча, гIалара гIовгIанаш дIатийначул тIаьхьа, Павловс меллаша:
  - ХьалагIатта, - аьлча, самаваьлла иза.
  Циркехь гипнотизераш наб кхоьтуьйтий, шайна луъург леладойту адамашка. Юха гипноз дIаяьккхича, тохара санна дIа а хIуьттуш. Гипнозан тIеIаткъамах, гипнотизерех а тешаш долу вай, Делан ницкъах хIунда ца теша?
  КIеззиг ю вайна гонаха билгалонаш?
  Iаламан хIора дакъа, вай жимма тидаме хилчахьана, Дела хиларан тоьшалла деш ду. Кит масех баьIа шарахь беха, страус - шовзткъа шарахь, полларчий-эфемераш - шина сахьтехь, говраш - ткъе итт шарахь, къиг - баьIа шарахь, крокодил -кхо баьIа, секвойя (дитт) - шина эзар шарахь.
  Вайн оьмар - дуьненчу довлар, даккхий хилар, зударий балор, доьзал кхиар, дахарехь тIеIитталурш, толамаш, эшамаш, къандалар, юха а берийн хьесапе дерзар, кхалхар а, вайна гергахь полларчийн хан санна, Далла гергахь цхьа минот а яц.
  Дала ирсана кхоьллина ду адам. Стага шен куьйга дакъаза ваккха ца веза ша.
  Цхьаверг - шен кадаьллачохь къинош а летош, юха уьш тIера даха ламазаш деш Iа. Кхиверг - хIара ду ала латош къа а доцуш, шена дага вониг деъча а, Делах кхерарна, шен оьздангаллийна а ша-шех эхь хетий, соцу. Далла хьалха муха хIуттур ву ша, цIена ма вац ша, бохуш, веха. Вукхарна моьтту: "Ас летийна къинош а дац, со цIена ву, ламаз ца дича а дац хIумма а".
  Муьлхург ву царах Далла гергахь цIена?
  Ша летийна къинош дац, ламаз ца дича а ша ялсамане ваха веза моьттург?
  Летийна къинош доцуш, амма шена дага вониг деъча а эхь хеташ, ша Далла хьалха хIотта цIена ца хетарг?
  Я, аьтто баьлча, къинош а летош, ка тухуш, амма шен-шен хенахь ламаз дийриг? ТIаьххьарчара схьалаьцна хьадис: "Хьо тахана лийр волуш санна, Далла гIуллакх де. Хьо цкъа а лийр воцуш санна, дуьне а лаха".
  
  9
  
  Со дийна волуш, ахь тIе а веана соьга орца дехахь, ас сайн ницкъ кхочу накъосталла дийр ду хьуна. Амма сан коша барз тIе а хIоьттина, ахь мел дукха кхайкхамаш барх, со мел дика стаг хиларх, велла волчу ас, хIун гIо дийр ду хьуна? Деле деха. Со суо ву хIинца гIо оьшуш. Хьан а йиш ю суна гIо дан: "Дала гечдойла хьуна", - аьлла.
  
  10
  
  Паччахьан Iедал тIедеъчахьана, массо стаг обарг, жуьлиг, къу а хилла дIавахана нохчех.
  Кхин некъ битина ца хилла маьршачу стагана.
  Оцу тайпанчу юкъараллехь чIогIа къаьсташ, билгал а хилла эвлаяаш, кху дуьненан хIума дIа а тесна, Делаца гергарло лело нах. Ша хIуъа леладахь а, Далла гIуллакх дийриг лору нохчийчо.
  Бусалба дин вайначул дика, кIорге а девзачара тобанашка декъна вай. Барт ца хилийтар дуьхьа.
  Барт боцу нах Iехо, лело а атта бу. Иштта бекъна нах вирдашка. Декъадалар наггахь абсурде кхочу вайнехан. Вовшийн шича-маьхчалахь болуш болу, цхьана тайпана бусалба вежарий, кхаа-деа декъе бекъа а лой, вовшийн дика-воне а ца боьлхуш дIахIуьтту.
  И боху цаьрга бусалба дино?
  Нийса некъ, прогресс, къоман цхьаалла а оьшу вайна.
  
  11
  
  Не постигнет нас никогда ничто,
  кроме того, что начертал нам Аллах.
   Къуръан.
  
  ХIара шолгIа тIом балале, Шайхиев Iалвади редактор а волуш, нохчийн маттахь Къуръан дара арадала дезаш. ХIора агIо Iаьрбийн, нохчийн а меттанашкахь. ХIора суран чулацам кхеташ хилийта, цуьнца догIуш долу дийцарш, хьадисаш а далош, оьшу комментарий еш.
  ТIаьххьара суна Iалвади гиначу хенахь, цхьа-ши кIира даьлча ша Москва ваха везаш ву, тираж кийча хила декхар ду, бохуш вара иза.
  - Мел деха мегар ду-те цунах? Нахера даьккхина ахча а ду дIадала дезаш.
  И арадалар йоккха гIулч ю нохчийн литературехь, культурехь, искусствехь, Iилманехь, иштта бусалба дин Нохчийчохь цIандарехь, адамна нийса некъ дIакховдорехь а.
  ХIинццалц схьа Къуръан кIеззигчу тобан привилеги, церан бепиг, церан хьал-бахам хилла лаьтташ дара вайн. Цара шайна, шайна хIума йохьуш веанчунна а пайденна долччу агIор хьийзош, адам шайн карахь латторан гIирс бинера цунах.
  Цундела хIинццалц цхьана а моллина ца лаара Къуръан нахана нохчийн маттахь довзийта. ТIаккха уьш бекъа, Iедало боххучунна тIехь латто а хала хир дара моллина. ТIаккха жайнеш даха луурш, соьмаш кхийдош тIелеларш а кIеззиг хир бара.
  Студент волуш, Нохчийчохь а уггар а кхетам болчу дешначу нахах цхьанна, Куршлойн-эвлара Оччерхаджиев Абубакарна (Дала гечдойла цунна) тIевахара со. Иза хIетахь а, чура араволуш воцуш, меттахь Iуьллу масийтта шо дара. Хьо мичча хенахь вахча а, туркойн хьесапехь чучча ши ког боьллина, я лохачу гIанта тIе охьалахвелла, жайнеш доьшуш карор вара иза. Дечкан маьнга, Къуръан, жайнеш, кIажахь ламаз эца лерина гIумгIа, тас бен кхин хIумма а яцара и волчу чохь. Дечкан уче йолуш, буьйда кибарчигех диначу кегийчу цIенош чохь Iаш вара иза.
  Цу хенахь хIинца санна Саблуковс, Крачковскийс а оьрсийн матте гочдина Къуръан эца, каро а йиш яцара. Атеистийн хийла книга оьцура ас, царна тIехь Къуръан тIера цитаташ, пайхамаран дахарх лаьцна дийцарш я хьадисаш хуьлу дела. (Иштта кхечу пачхьалкхийн керлачу яздархойн кхолларалла а Iамайора ас оьрсийн литературахойн книгаш тIехула.) Тахана а Библех я Къуръанах хьакхалуш дерг муьлххачу журнал тIехь карийча а доьшу ас.
  Нохчашна юкъахь чIогIа даьржина, нохчийн кхетамна чудиллина дара: Къуръан нохчийн матте даккха мегар дац, цуьнан маьIна галдер ду, Къуръанан цхьана дешан масех маьIна ду, боху хабарш.
  - Даккхалур ма дац и нохчийн матте! Вайн кхетам тIаьхьа кхуьур ма бац цунна...
  И дерриг а я шайна пайденна (карара мукъ дIа ца хеца), я кIорга Iилма ца хиларна дуьйцуш хетара суна.
  Муха? Дала адам тIаьхьа ма кхуьийла кхунна, аьлла, доссийна ду и? Я адам кхета а дина, нийсачу новкъа даккха? Дейтта баьIа шо хьалха гIамарш юкъахь Iийна болу акха Iаьрбий а кхетта болу, вай хIунда ца кхета цунах?
  Хилча хIун ду цхьана дешан масийтта маьIна? Масала, нохчийн маттахь "мохь" бохучу дешан а ду масех маьIна: мохь - хьаналла (жир), мохь - тухуш берг, цхьаьнга кхойкхуш я тIечевхаш (крик), мохь - ги тухуш берг (груз), масала, дечиг, буц, гали. Предложенехь кхеташ ма хуьлу и дерриг а, кхечу дешнашца доьзча. Маттах лаьцначу Iилманехь омонимаш олу царах. Яздар цхьатера а долуш, тайп-тайпана маьIна долу дешнаш. ПхоьалгIачу классан барам, институташ яьхначу нахана а дийца дезаш хуьлу.
  Суна гинера молла Абубакара, мовладе кхайкхинчохь, Iаьрбийн маттахь жайна доьшуш лаьтташехь нохчийн маттахь схьадуьйцуш. Гонаха берш цуьнга ладоьгIуш бIаьрхиш дIа а хьоькхуш Iара. Мохьаммад пайхамаран дахар, Дела цхьаъ ван, пайхамар бакъван а ца луучара цуьнца латтийна къийсам а буьйцура оцу суьйренашкахь. Абубакар Сирдикъ, Халиф Iусман, Халиф Iумар, пайхамаран девешин кIант Iела. Цуьнан ши кIант Хьасан, Хьусайн, церан нана, пайхамаран йоI Фатима а. ХIораннан а цIе, шен ден-ненан а цIе санна, гергара, хьоме а ю нохчийчунна.
  Соьга ла а доьгIна, молла Абубакара элира:
  - И мегар долуш, чIогIа мехала, мелехь а гIуллакх ду. Амма сан хIинца тохарлера могашалла яц. Суо галваларна, сайгара гIалат даларна кхоьру со. Со ваьхьар вац. Цхьа дош, цхьа цIоьмалг галъяьккхича а цу тIера, къилара вер вац стаг.
  Иза могуш воций хууш, амма хIара санна долчу гIуллакхан дуьхьа, цуьнан секретарь хила а реза волчу ас хаьттира:
  - Мила хир вара Нохчийчохь, хьуна бевзачех, и дан ницкъ, Iилма а долуш?
  Ялхой-махкара Яхьъян, Энакхаллара кхин цхьана моллин цIе а яьккхира цо. Цу хенахь, суна гергахь, Ялхойн-мохк, Энакхалла, Москва, Рио-де-Жанейро а, цхьатерра генахь яра. Я цхьа а спонсор волуш, я цу белхан тIаьхьало муха хир ю хууш лелаш вацара. Ас Эккерманан "Гетеца къамелаш" йоьшу хан яра и. Иштта книга Айдамиров Абузарх лаьцна язъян а сатуьйсура ас. Гонаха долчу дахарна, Советийн заманна дукха генара хIумнаш дара ас хIетахь айинарш. Дуккха а бахьанашна кхин тIаьхьало а йоцуш дисира уьш. Амма гуттар а дагахьбаллам лаьтта суна, сайна Iаьрбийн мотт ца хаарна.
  
  12
  
  Тахана, юкъа масех шераш дулуш, кхузлагIа йоьшуш ю ас Ибн Iабд Раббихин "Инзаре туьтеш". ХIара, цуьнца цхьана мужулта кIел йолу, Аль-Джахизан "БIаьрмискачех лаьцна жайна" а хIора бусалба стеган библиотекехь хила дезаш ду. Йиъ-пхи эзар йолчу сан книгаш юкъахь кху тайпа жайнеш масех бен дац. Уьш ешча кхета: вайнаха "бах", "бахара" бохуш, кара-карахула лелаш долу, туьйране а дерзийна дуьйцург, царна тIера схьаэцна хилар. Iаьрбийн маттахь деша хуурш кIеззиг бен бац, цара дика-вонехь, цхьаьннан дехарца кегийчашна хьехамна дуьйцу.
  Дуккха а гIарабевллачу Iаьрбийн философийн, яздархойн а жайнеш тахана а куьйгайозанашкахь ду. (Цундела тIаьхьа дисина бусалба къаьмнаш. Европан къаьмнаш, шаьш язйина книга я керла юкъадаьккхинарг нахала даккха, даржо, цунах болу пайда схьаэца а сихло.)
  Iаьрбийн жайнеш нохчийн матте дахар ца хьехийча а, нохчийн цхьана а эвлаяан я Iеламстеган жайна а дац хIинццалц зорбанехь арахецна. Соип моллин, паччахьан Iедал долуш, Темирхан-Шурахь арахецна дара боху. Архивашкахь бен, тахана стенгахь карор ду и?
  Цигахь лаха дезаш дара вайн эвлаяийн жайнеш, церан дахарх, кхалхарх а лаьцна бакъйолу материалаш а. Сан аьтто ца хилира цу тIехь.
  ГIалахь-м хIинца дийна хIума йисна а хир яц, амма Ростовхь, Ставрополехь, Калугехь, Москвахь а хьаянза лаьтташ хир ю уьш архивашкахь, наггахь сотрудникаша "теллина", олий, тIе мухIар а тухуш.
  Къанлуш ву а хаац, тIаьхьа-тIаьхьа безамах лаьцна французийн тоьлла романаш ца еша а, доьшур дара ас Iаьрбийн жайнеш. Царна тIехь Iаьрбийн дахарх лаьцна я забаре дийцарш хилла ца Iаш, тайп-тайпана истореш, хилларш, лелларш, хьекъал долчу нехан хьехамаш а бу.
  Оцу кепара книгаш китайцийн хилча а йоьшу ас.
  Иштта "Инзаре туьтеш" тIехь доттагIаллах, суьдхойх, хьаькамаш дIахIитторах, тIамах, гIиллакх-оьздангаллах, поэтех, эмирех, халифех лаьцна, кхин дуккха а дийцарш ду: къечарах, Iовдалчарах, къамелана говза болчех, бIаьрмискачех, хIилла долчарах и. дI. кх. а.
  Цу жайнийн башхалла - дешархочун и кIорда ца дайта, кIад ца валийта а, и дерриг а эдеш яздина хилар ду, коьрте садаIийта. Кегийчу дийцарша хIотта ца во хьо.
  Эзар шо хьалха ваьхна волчу оцу яздархочун книга йоьшуш, таханлера яздархойн "исбаьхьалла", зуда ялош богIучара машенаш тIеухкуш долу ленташ, кузаш, шарикаш, тайнигаш санна, эрна дешнаш, шекъа а дайар хета.
  Дика книга караяр - доттагIех я гергарчех хьуна дукха везарг гар санна ду.
  Мел дика елахь а, роман кхаа-деа шарахь цкъа бен ца ешало, доций дийцарш, миниатюраш, философийн ойланаш, сюжет йоцу книга а хIора шарахь ешало. ХIоразза а дуьххьара санна.
  Тахана сан тидам тIебахнарг Мохьаммад пайхамарх (Делан салам-маршалла хийла цунна), Халиф Iелах а лаьцна (Дела реза хийла цунна) жима ши дийцар ду.
  Оха студенташ долуш дукха къуьйсура:
  Стаг ша дечунна тIехь шен лаамехь ву я вац? Стеган хIора гIулч Дала язйина ю я яц? Дала яздинчух вала йиш ю я яц? Нагахь стага вониг динехь, и Дала яздина хилча, цу стеган бехк бу я бац? Цунна таIзар догIий? Я историн болар Шена луъучу агIор а хьош, хIора стеган гIуллакхаш церан шайн карахь дитина Дала?
  
  13
  
  Цхьана стага хаьттина пайхамаре:
  - Соьга цхьа вуо а дайтина, юха суна таIзар дан йиш юй Делан?
  - Ю, дерриш а Цуьнан карахь ду вай, - аьлла пайхамара.
  Дала яздина доцург, хIумма а хир дац.
  Муха кхета веза цунах?
  Текст тIедоьгIна аьлча, и дешнаш Дала пайхамаре гIазотан тIаме арабовла ца луучу, дегнаш иманехь чIагIдалаза болчу нахе дIаала боху. Iожалла яцахь, тIамехь а лийр вац, хан кхаьчнарг вадарх кIелхьара а вер вац. ГIали чу лечкъина Iийча а, Iожаллах вер вуй хьо? КIеззиг дIатоттур ю-кх ахь. Дала яздинарг бен, хIумма а хир дац вайна. Арадовла! Дела ву вай лардеш. Хьо герз кхетта лахь а, Делан кхел ю лелаш. Хьан цIерачарна синтем бу и. Делан кхел лелаза ца йолу, сацо йиш яц. Делан некъахь веллачунна, Дала Ша диканца бекхам бийр бу. Ахь Шен дуьхьа динарг иттаза сов доккхуш.
  Къаьсттина тIеман хенахь маьIне ду и.
  Имам Шемалан цхьана мурдо хаьттира боху тIеман кIуьрлахь:
  - Имам, Iожалла яцахь, вала йиш юй со?
  - Яц, - аьлла имама.
  Мурдо тIекхетта схьаэцца мостагIчун йоккхачу тоьпара кхоьссина кIур туьйсуш Iуьллу хIоъ.
  Шуьйра маьIнехь аьлча, Дала хIара дуьне, адамаш а кхоллале дуккха а эзарнаш шераш хьалха яздина ду дерриг а. Цунах ма-дарра кхета веза. Дала дуьненчу бахкийтинчу пайхамаршка доссийна жайнеш, стиглахь долчу Къуръанан дакъош ду. Режиссеро спектакль хIоттаяле язъеш йолу пьеса санна, вайн хIораннан а хиндерг Дала хьалххе дIаяздина ду. Дика а, вуо а Делера ду. Амма вониг лаа-м ца лаьа Далла. Олхазар тIема дала а йиш яц, Делан лаам боцуш, массо экхан юург а Дала, ягарйина, дIахецна ю. Дела дерриг гуш, хууш ву.
  
  14
  
  Цхьана стага хаьттина Iелега:
  - Шен лаамехь гIоттуш, охьахууш, дIавуьжуш вац стаг?
  - И хьайн лаамехь до ахь, - аьлла Iелас.
  - Делан йоза ду лелаш, бохучух муха кхета веза? Шен гIуллакхаш тIехь мел маршо елла Дала стагана? - хаьттина цу стага.
  Жимма ойла а йина, кхо хаттар дина цуьнга Iелас.
  - Хьо дуьненчу хьайн лаамехь ваьлла я Делан лаамца?
  - Делан лаамца, - аьлла цу стага.
  - Дала Шен Iалашонаш кхочуш еш кхоьллина хьо я хьайнаш?
  - Шен Iалашонаш.
  - Къемата дийнахь Дала хьуна дезарг лур ду хьуна я Шена луург?
  - Шена луург, - ала дезна цу стеган.
  - Гой хьуна, - аьлла Iелас, - цхьана а кепара маьрша вац хьо.
  Оцу хаттаран халкъан кхетам го кху дийцаршкахь а.
  Цхьана кIанта авари а йина, нехан машен йохош, стаг лазийна хилла. Дов хоттучу дийнахь, корта а оллийна, зал чохь хиина Iаш цу кIентан да хилла. Ден догъэца дагахь, кIанта:
  - Воха ма вохахь, дада, Дала яздина хилла-кх и, - аьлла.
  - Яз муха ца до, хьо дийнахь-буса а "язде, язде" бохуш, ручка, тетрадь эцна тIаьхьаваьлла лелча, - аьлла дас.
  Диканиг дерриг а Дала деш ду, вониг, Иблисан гIоьнца, адамо ша деш ду.
  Етт эца базара воьдуш хилла цхьа стаг. Лулахочо хаьттина:
  - Ахь хIун до? Лаа вуй хьо? - аьлла.
  - Етт эца воьду, - аьлла цу стага.
  - Дала мукъалахь, алахь, - аьлла лулахочо.
  - Ахча кисанахь ду, базарахь бежнаш ду, Дала мукъалахь, ца лахь а, етт эца воьду-кх со, - аьлла, базара ваханчу цу стеган кисанара ахча даьккхина.
  Корта а оллийна цIавогIучу цунна, юха а кетIахь лулахо гина.
  - Ийцин ахь етт? - хаьттина лулахочо.
  - Ахча дайна, Дала мукъалахь, - аьлла цо.
  Оццу дийцаран кхин цхьа вариант а ю.
  Зудчо хьалха йовхха жижиг-гала йиллича:
  - Ма юур ю ас хIара, - аьлла мацвеллачу цIийнадас.
  - Дала мукъалахь алахь, - хьехна зудчо.
  - Дала мукъалахь, ца лахь а юур ю хIара-м, - аьлла цIийнадас.
  Галнех маIар Iоьттинчу минотехь цхьамма неIарх пIелг тоьхна.
  - Мила ву цигахь?
  - Iедал ду. Схьаелла неI!
  Куьг айинчохь, гала цкъа кхалла а ца кхуьуш, дIавигина иза. Цул тIаьхьа кхо шо даьлла. Суьйрана шен чуйирзина, берашна юург йохъеш йоллуш зуда а йолуш, цхьамма меллаша неIарх пIелг тоьхна.
  - Мила ву цигахь? -- хаьттина зудчо.
  - Со ву, Дала мукъалахь, - аьлла цIийнадас.
  Цундела олу оьрсаша: "Человек предполагает, Бог располагает".
  
  15
  
  ХIара яздина ваьлла шолгIачу дийнахь Диккенсан, Каверинан, Сенкевичан, Арсений Тарковскийн а книгаш кегош Iаш, тIаьххьарчун "Поэтически маттах лаьцна" статья тIехь доьшу ас: "Человеку дана свободная воля, и в то же время он не волен в выборе пути. Это трюизм. Вероятно, не только внешняя причинность, но и я сам формировал свою судьбу".
  Дуьненан философехь массо а заманахь дийцинчех, хьехийначех а ду и хаттар.
  Эпихарм: "Бог может все что угодно. Он за людьми надзирает. От него ничего утаить нельзя".
  Цицерон: "Я признаю, что не от нас зависит родиться с острым умом или тупым, сильным или слабым. Но тот, кто из этого делает вывод, что не в нашей воле даже сидеть или гулять, тот не видит, что за чем следует".
  
  16
  
  Библина ехкинчу иллюстрацеш тIехь массанхьа а, пайхамаршна юххехь уьстагIий го вайна, цхьанхьа а яздина дац цара хьакхарчий кхабарх лаьцна. Муса пайхамар къобал веш болчу керста нахана а хаа дезара, Делах тешаш волчу стагана хьакха хьарам йина юйла. Схьахетарехь, Риман имперера дIадоладелла хьакха юучунна магор. Дин тIеоьцуш долчу къомо, шен керста (кхузахь: язычески) цхьадолу гIиллакхаш а лардина.
  УьстагIан жижиг боьха хета керста нахана.
  - Хьожа йогIу цунах, - олу цара.
  Хьакхин жижиг бусалбанашна боьха, жирга а хета.
  - Дуьненна тIехь а уггар мерза жижиг ду-кха и, - олу керстанаша.
  Iийса пайхамар дуьненчу валар гойтучу цхьаццайолу иллюстрацеш тIехь юххехь херси йиллар, и маго гIортар, цунна амнисти ялар санна хIума ду.
  Библи тIехь Дала ша стагана делла беркат дуьйцуш, уггар хьалха уьстагIий хьахадо. Хьакха адамна яа хьарам йиначарна юкъахь ю. Килсо магийна. Оьрсашна уьстагIан жижигах хьожа яр, цхьадолчу декъана, тилочун бехкенна а ду. ЦIоканах хьакхаделла куьг жижигах кхетча, цунах баккъал а хьожа йогIу. Цундела уьстагI тилочу хенахь юххехь саба, довха хи а хила деза.
  
  17
  
  - Хьакха цхьана агIор яа магийна ю боху. И муьлха агIо ю ца хаа-кх, - олу вайнаха.
  Россехь Iаш болчу нохчаша забарехьа а даьккхина и:
  - Яа магийна агIо ю хIара, - бохуш.
  Томас Маннан "Закон" ешнарг кхетар ву, нохчаша "цхьана агIор" бохург нийса маьIна деш цахиларх.
  Экхан, хьайбан а яа мегаш хиларан ши агIо ю (ши билгало бохучу маьIнехь): цхьаъ - нохь даккхар; шолгIа - бергаш екъаелла хилар. Оцу шиннах цхьа агIо (бергаш екъаелла хилар) ю хьакхин.
  Цундела цхьана агIор яа магийна ю и. Амма яа магаран шолгIа агIо яц цуьнан. Цундела яа ца мега и. Схьагарехь, цхьана хенахь дешначу наха дуьйцуш, хьехош а хезна халкъан эсехь дисна и. МаьIна дицделла. Оцу кеппара, эмкал а, цIена хьайба делахь а, нохь доккхуш елахь а, амма бергаш екъаелла яц цуьнан. Цундела яа хьарам ю и а. Иштта лергаIахар а.
  ХIокху масех шарахь, хIинца-тIаккха йоьшу бохуш лаьтташ йолу Библи схьаоьцу ас. Муса пайхамарх лаьцна дакъош луьсту ас. Цу тIехь карадо суна Т. Манна шен повестехь дуьйцург.
  Хи чохь хуьлучех яа мега: пIилдигаш, пелигаш ерг; амма пIилдигаш, пелигаш йоцург хьарам ю.
  Олхазарех яа ца мега: аьрзу (жима-доккха а дерриг цуьнан тайпа а), цхьана а кепара къийгаш, страус, бухIа, чайка, хIуттут, гIургIаз, ибис, пеликан, тIема болу дахка, чIоб, чIерийдохург, чIерийлоьцург, чIегIардиг.
  Лаьттахула лелачех, текхачех а: дингад, дахка, бецан пхьид, зу, моьлкъа (цуьнан тайпа), боьлкъазар, массо а тайпа текхаргаш, дукха когаш болу хIумнаш а...
  Царах цхьаерш дIаьвше ю, вуьйш яар оьзда доцу дела а ца магийна. Елла Iуьллург а яа ца мега. Делан цIарца урс хьаькхна йоцург а.
  Оцу тIехь карайо суна яа магочу акхаройн кхоалгIа билгало а: когал лакхахь хуттург хилар а.
  И билгалонаш Дала Муса пайхамарехула йоссийна нахана. Къуръан тIехь юха а чIагIйина. Iалашо - адаман могашалла, цIаналла а ларъяр.
  Школашкахь, институташкахь а Библи, Къуръан а Iамор юкъадаккха дезара. Берийн, студентийн а кхетаме хьаьжжина, аттачунна тIера дIа а долош, шо-шаре мел долу кIорге а кхийдаш. Школехь, уггар хьалха, дахарехь оьшур долу хIума Iамо деза берана.
  
  18
  
  Туркойн маттахь "хьарам" бохург - "гарем" бохург ду. ЦIа чохь билгалъяьхна, нехан куьг-бIаьрг тIе ца кхочучохь, зударшна къастийна чоьнаш. Нахана - хьарам, хIусамдена - хьанал.
  
  19
  
  Самаваьлча пIелгаш кхузза хи чу Iуттуш Iадат ду жуьгтийн, хIунда аьлча, шайтIанаша буса пIелгийн хуттургашна тIехь дIатарло.
  Кафкас рационалистически кхетадо и. Наб кхетта волуш, тайп-тайпана гIенаш гуш а, пIелгаш пхьаьрса кIелонех, цIонганах, кхечу меженех а хьакхадала тарло. Цундела оцу Iадатийн маьIна и пIелгаш, дила а ца дуьлуш, юьхь тIе ца хьекхийтар, бага ца Iиттийтар а ду (26.10.11).
  Билггал иштта хьесап дора ас дуккха а вайнехан Iадаташна а. Университетехь студенташна этика хьоьхуш а дуьйцура ас и. Сан цхьанхьа яздина ду моьттуш а ву со...
  Шина бIогIамна юккъехула вала ца мега, олу. Къемата дийнахь гехь лело безар ду. (Шина стагана юккъехула валар товш дац, гIиллакхехь дац. Адам цунах лардаран Iалашо. Цхьаболчу зударша-м, берза пха а оьций, зудчунна, майрачунна а юккъехула боккхий, и шиъ къастадо.)
  Боьха маIарш кIела шайтIанаш ловчкъу. (ПIелгийн, когийн а маIарш хедаяйтаран, адам цIена лелийтаран а Iалашо.)
  МаIарш кIелара хи шайтIанаша молу. (Гата хьакхийтаран, куьйгаш, пIелгаш а дакъадайтаран Iалашо.)
  Хи чохь хьатI гIуллакх дан ца мега, къемата дийнахь и шиъ къасто дезар ду.
  Бага гIаттийча дуьхьал куьг лаца деза. Бага шайтIа эккхарна кхерам бу. (Беро бага гIаттийча, туйнаш туху.)
  ХIоразза а юьхь юьлуш (ламаз оьцуш а) мера чу хи кхарза деза. Цу чохь левчкъина шайтIанаш хила тарло.
  Оцу хIора аларна я хьадисна бухахь адамийн цIаналла, гIиллакх а ду. Берийн кхетам болчу язычникашна кхин муха дуьйцур дара, стигал къекъийча я стелахаьштиг тоьхча бен, Дела дага а ца вогIуш болу?
  Боьха лелар шайтIана каравахар ду.
  Далла хьалха цIена хIотта веза.
  
  20
  
  Чарльз Дарвина 1871 шарахь язбина шен "Адаман схьадалар" цIе йолу болх. Цо чIагIдо адам маймалх схьадаьлла хилар. 1896 шарахь Фридрих Энгельса а яздина маймалх адам динарг къинхьегам бу, бохуш. ХIетахь дуьйна дешаран массо а заведенешкахь хьоьхуш дара и, тахана а Iаматаш тIера дIадаьккхина а дац.
  Оцу гипотезехьа болчара дуьйцу маймалан, адаман а дегIан чарх цхьатера хилар. Къаьсттина юххера ду адамна шимпанзе, горилла, орангутанг а.
  Материалисташ хиларна, Къуръан ца довзарна а царна ца хаа, адам дац маймалх схьадаьлла, Дала Ша пайхамарш а бахкийтина, нийсачу новкъа дерза, бохуш, дуккхаза а бина кхайкхамаш тергал ца бича, адамех дина ду маймалш. Иштта хьакхарчий а.
  АлхьамдулиллахI! Дела Хьуна хастам бу-кх, кхуллушехь тхо адамаш кхолларна, тхоьх къинхетам барна а...
  
  1996
 Ваша оценка:

Связаться с программистом сайта.

Новые книги авторов СИ, вышедшие из печати:
О.Болдырева "Крадуш. Чужие души" М.Николаев "Вторжение на Землю"

Как попасть в этoт список

Кожевенное мастерство | Сайт "Художники" | Доска об'явлений "Книги"